ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъара демократин форум йирзи Францерчу Страсбургехь.

Кху деношкахь Францехь дIахьош йолчу Дуьненаюкъарчу демократин форумехь дийцаре деш ду Оьрсийчоьнан пропагандано цуьнан луларчу пачхьлакхашна а, Малхбузехь а беш болу тIеIаткъам а, ткъа иштта цу пропагандина а, цо дIахьокхоьхьучу гибридан тIемашна дуьхьало ян Европа Iамаезаш хилар а.

Кремлан политикан риторикехь коьрта дискурс популизмаца дIахьош хилар а, ткъа иштта популизм тIаьхьарчу шерашкахь доллучу дуьнентIехь а политикан ученашнахь кхоччуш чIагIлуш схьайогIуш хилар а дара форумехь вовшахкхеттачара дийцаре дечу хеттаршна юккъехь.

Кху шарахь ялхалгIа дIахьош ю Страсбургера Дуьненаюкъара демократин форму. Европин Кхеташонан куьйгакIелахь кхоьллинчу цу гуламехь таро ю доллучу дуьнентIера а политикийн а, юкъараллин жигархой а, хаамийн гIирсийн векалийн аьтто хуьлу демократи кхиоран а, инновацийн а, къаьмнашна юккъехь барт чIагIбаран а хеттарш дийцаре дан.

Цул совнаха, форуман декъашхоша дагдовларшка а, къисаймашка а йоьхку шайн идеяш а, карарчу хенахь дуьненчохь йолу тайп-тайпана конфликташ машаре ерзоран шайна гуш долу некъаш а.

Кхааридийнахь йола а елла, пIераскане кхаччалца дIахьош болчу цу гуламан кхушарлера тема ю "Популизм проблема ю я яц?" аьлла.

Нохчийн журналист Сусуев Ахьмад ву форуман балхахь дакъалоцуш. Маршо Радионе дийцира цо, цигахь дийцаре дечух лаьцна.

"2012-чу шарахь дуьйна дIахьош бу и гулам Страсбургехь, Европан Кхеташонан куьйга кIелахь. ХIора шарахь бен-бен теманаш хуьлу цигахь. Кхушарахьлера тема популизмаца йоьзна ю, хIунда аьлча доллучу дуьнен тIехь а и популисташ нацистийн хьежамаш баржош, чIагIлуш схьабогIуш болу дела», - аьлла, дийцира журналисто.

Популизм а, цуьнан тIеIаткъам а буьйцучохь Оьрсийчура хьал дийцаре ца деш дисича тамашийна хир дара. Ца дисира иза Дуьненаюкъарчу демократин форумна юьстах. Видеоклипашца а, суьрташца а леринчу экспозицехь гойтуш дара бохуш, дуьйцу Сусуев Ахьмада Оьрсийчохь популизмаца а, адамийн бакъонаш ларъярца а долу хьал.

"Страсбурган мэрин кхерчахь цу форумна кечйина лерина экспозици ю. Цхьана агIор нацистийн пропагандано муха болх беш хилла а, цара дина зуламаш а ду цигахь гойтуш. Вукху агIор, Доза Доцу Репортераш цхьаьнакхетаралло кечбина гайтам бу, дуьненчохь уггаре а чIогIа демократи хьоьшуш а, иза емалъеш я популизм яржош болчу пачхьалкхашкарчу куьйгалхойх лаьцна.

Цигахь Путин а, Эрдоган а, Трамп а, Мугабе а, Кадыров а ву. Эстемирова Наташин сурт а долуш гойтуш, Кадыров Рамзана цунах лаьцна аьлла дешнаш а ду дахкийна, гергарчу хьесапехь иза сий а, тайп-тукхам а доцуш стаг яра аьлла.

Иштта Путина шега цхьана дозанал арахьарчу журналисто Нохчийчохь маьрша адамаш дайъарх лаьцна хаттар дича, хьо радикале исламхо хила лууш велахь, тхо долчу схьавола, оха цхьаъ дийр ду хьуна, аьлла суна кхузахь ма-дарра ала а томехь ца хеташ долу дешнаш а ду цигахь юх-юха а экран тIехь гойтуш", бохуш, цигара хьал дийцира Сусуев Ахьмада.

Кху шарахьлерчу Демократин форумехь дакъалоцуш Кавказерчу мехкашкара делегацеш а яра.

Иштта Гуьржийчуьрчу фолклоран тобано къоман эшарца болийна цу гуламан болх.

Оццу тобано форум ерзош локхур ю Евробертан гимн хилла дIахIоьттина йолу Бетховенан иссолгIачу симфонин тIаьхьара дакъа оригиналечу керлачу версехь.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG