ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цаьпцалгийн мотт хуу иллиалархой кIезиг бу


Халкъах схьаваьллачу могIарерчу иллиалархочо Жамас шен кхиам, кхане къомаца юзу.

Иллица дечиг - пондар белхориг Байсултанов Джамалай ву Теркйист кIоштан Iелин юьртара. Халкъалахь иза тIех дика вевза Жама аьлча. Оьрсийн маттахь санна аьлча иза цу дешан дуьззинчу маьIнехь«самородок», дашо бIелиг ала тарлуш, цхьа ша-шаха санна кхиина, ша-шен вина иллиалархо ву.

Цо ша даредарца, дечиг-пондар лакха а ца хууш, илли ала дагахь а воцуш, кIай-Iаьржа бен телвизар йоцчу хена, хийла денош текхна цо, мацца а цкъа Дагаев Валида телехьожийлехь илли аларе сатуьйсуш.

Эскарехь Iемина Жамина пондаран мерзаш мукъаме дерзо, цо ша къаро а еш, и пондар эца-м цуьнан таро хилла а яц эскарера цIа верззалц. Ишта ду тхойшиннан, хьалххехь бина кечам а боцуш, "экспромтехь" нисделла къамел.

Мацах мацахлера Джамлай а, хIинцалера илланча Джамлай а. И хийцам муха нисбелла?

- Адам дуьненахь дехаш со кхана къелур ву я сан аьтто хир бу аьлла дехаш дац. Сан дахарехь хийцам муха хилира. Юьхьанца суна и дагахь а дацара, со илли олуш хир ву аьлла. И пондар а эскарехь бен карабирзина бац суна. Еха хан яьккхина ас илли а олуш, цхьанне де бала а боцуш, мила ву а ца хууш, декаш дерг аз бен доцуш.

Делахь со нахана гахьара, со мила ву хаахьар-кх аьлла, цу хенахь муххале а, дог-ойла хилла а яц сан. Сан озах кхечарна пайдабаьлча даггара хаза а хетта суна. Сан дахарехь хилла коьрта хийцам, кхечарна хьаам бан дала суна корматалла ялар ду-кх. Ас далла хастам бийриг и хийцам бу-кх , Дала суна нехан дог хьаста говзаллла ялар.

- Иллиалархочунна уггаре деза хIун хила деза, хьуна гергахь?

- Суна гергахь, цунна уггаре мехала а, деза а хета дезарг тахана хьуна тIе стаг а веъна, хьенех, хьеший бара вайга биссина, хьо веъча суна юьхькIам хир бара цо аьлча, и реза а веш, со цуьнан гIуллакхе хьаьжча, "Дела реза хуьлда хьуна!" цо аьлча - суна и деза хета.

- Хьан ладогIархой хьан суьдхой бу-кх. Цара «кхел» нийса йо аьлла хетий хьуна?

- ЛадугIуш волчо кхел ниса йийр ю, нагахь иза хьан дешнашка, ахь олучу иллин чулацаме ладугIуш велахь. Еккъа ахь ечу гIовгIане ладугIуш волчо, кхел нийса йойла а дац.ТIаккха иза бендацарийн марахь хир ву.

- Дахар, безам, доттIагIалла - иллеш тайп-тайпана ду. Ахь даггара олуш дерг муьлха илли ду?

- Суна уггар мехалниг ненах илли ду. ТIаккха Даймахках, нагахь стаг аренца велахь, мехкан ойла цуьнан гIельелла елахь, цунна шен Даймохк дагабаийтар, карлабаккхар. "Дависа, цкъа мукъана а цIа а вахана, сайн дай баьхначу лаьтта тIехь волавала", - цуьнан дог-ойла кхоллаялийтар. Безаман тема а яц тIаьххьарчех. Безамах доллу хIума деган пха озош хила деза, дагчу леташ хила деза.

- Адамехь, Жама, хьуна товш дерг хIун ду?

- Мохь тоьхна, этIаш, велалуш волчу стеган амал а ца тов суна. ВатIа а ветIаш, велалуш волу стаг вуьйцу ас. Амал суна товш долу адам хIун адам ду аьлча, ша охьахиинчу меттехь, совнаха къамел а ца деш, къамел дечу стаге ла а доьгIна, цо нагахь, итт дош хазийнехь, нийсса и итте дош дуза а дузуш, цхьа дош олуш волчу стеган амал тов-кх суна.

- Дахарехь уггар мехалниг хIун лору ахь?

- Тахана хьайн чуьра дуьйна арахь а, юкъараллехь а хьайн лар ларьяр, ас хIун лар юьту те аьлла бала кхачар а.

- Адам, стаг лахвийриг, ойург хIун ду те?

- Стаг лахвеш дерг хьенех шен сина декъаза стаг ву алийтар ду-кх. Суна ишта хета. Хьарам долу хIума шен сица а, дегIаца а магийтаро а лахво стаг. Ткъа стаг ойург хIун ду-м хьанна а хаьа.

- "Туфленийн кIажоша цаьпцалгийн мотт буьйцуш..." И илли, Жама, бакълена а йоьIан васто кхоьллина ду, я иза лехаме яьллачу ойланан стом бу?

- Дала гечдойла Дудаев Мусанна. Цо элира соьга: "Джамалай, дукха байтанчаш, яздархой бевзина суна, амма цаьпцалгийн мотт язбеш стаг гина вац суна". Буткъа, шпилька олу кIажа болу туфленаш а йоьхна, силамнекъа тIехула «кIанс, кIинснехь» суйнаш а туьйсуьйтуш, хаза йоI йоьдуш гича дагадеъна суна цаьпцалгийн екар.

Жамас, цуьрриг хьулам боцуш я цуьрриг бехке а ца хеташ, ишта даре до,ишколера бераллин хан карлайоккхуш,ша цу хенахь Iилманехь мел «кIаргвелла» вара дуьйцуш.

- Хьовсал, олура хьехархочо, тетрадаш а, жарганаш а тIоьрмиг чуьра тхоьга схьа а йохуьйтий. Хьовсал, шайн тетрад, киншкашка а, Джамалайчаьрга а. Кхуьннаш деши санна цIена ю, дIаIоьттина я хьаькхна цхьа къолам а боцуш. Ишта цIена лело еза дешаран коьчаллаш. Забар яхь бакълена а бакъ дара иза. ХIинца аса со муха хуьлуьйтур вара-м хаьа суна. Сайна пайда а боцуш ас яхийтина хан юхаерзо йиш елар-кх...

Соьца къамел дан резахиллачу иллиалархочуьнгахь, Байсултанов Джамалайгахь, дикачу агIор хьагI а йолуш товш хетарг дара, мукъамаш баха, говзачу пхьеро лерина нисбина буьйлина мерз санна, иза кханенах тешна а, дегайовха а хилар, шен кхин дIа а бIаьрла кхиамаш хир бу аьлла.

Кхузара ондда бух болуш ду тIейогIучу ханна а Жамин аз адамийн дегнаш хьоьстуш, синтемах дузуш ладогIархошна юх-юха а хезаш лаьттар ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG