ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гюленах 15 миллион кхайкхийна туркоша


Iамеркан Къоман кхерамзаллехула хиллачу президентан Трамп Доналдан хьехамчана Флинн Майклна а, цуьнан кIантана а 15 миллион долларшкахь ахча лур ду аьлла хилла оппозиционерна Гюлен ФетхуллахIна Туркойчу экстрадици еш гIо дахь "Уолл-стрит джорнэл» газетано бина и хаам.

Цо бахарехь, стохка Iай цхьанакхетар хилла Флиннан туркойн векалшца.

Цхьайолчу хьасташа яздарехь, оцу цхьанакхетарехь дийцаредина доларчу кеман тIехь Гюлен Туркойчуьрчу набахте кхачо таро хиларх.т «Уолл-стрит джорнэл» газетан хьосташна хууш дац, цхьа а ахча кхаьчний Хонкарара Флинне.

Туркойчохь тIеман карчам бан гIортарна бехке лору оппозиционер, Iамеркехь веха мозгIар Гюлен ФетхуллахI лацар кхайкхийна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка туркойн Iедало.

Нагахь санна, Гюленна дуьхьал кхачо йоллуш тоьшаллаш хилахь пачхьалкхан секретара Керри Джона ша тидаме оьцур ду аьлла Гюленна экстрадици яр.

200 стаг а вуьйш пачхьалкхехь хийцам бан гIортар вовшахтохарна Туркойчоьно бехкевчу Iамеркехь вехачу Гюлен ФетхуллахIа тIе ца оьцу шена бехк. ТIаьххьарчу хаамашца,Туркойчохь вийнарг 208 стаг ву, цхьа эзар виъ бIе везткъе цхьайттанна кеп-кепара чевнаш йина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG