ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждиг дIакъевлича арахь рузба дечарна дуьхьала демонстраци йина Францехь


Кху шеран Заздоккху беттан 22-чохь Парижана генайоцучу Клиши цIе йолчу гIалин юккъера бусулба неха ламазан чоь дIакъевлира Iедалхоша. Цу ламазан меттигах библиотека ян сацам бира кхело. Оцу маьждигера бусулба неха цхьанакхетараллин куьйгалхочо Хьамида Казеда шайн резадацар хаийтира гIалин мэре Реми Мюзога.

ГIалахь цул тIаьхьа схьадиллира кхин маьждиг, куьйгаллехь кхечу бусулба неха ассоциаци а йолуш. Амма дIакъевлинчу маьждиге оьхуш хиллачара керла маьждиг шайн хьашташца цхьана ца догIу, аьлла дIахьедира. Цара шайна кхин ламазан чоь йийхира. Шайн мэраца цхьабарт ца хилча, арахь майданахь рузба дан буьйлабелира дIакъевлинчу маьждиге лелларш.

Ткъа дIадахначу пIераскан дийнахь, Лахьан-беттан 10-чохь арахь рузба дечу бусулба нахана дуьхьала демонстраци йира хене бевллачу меттигерчу французаша. Цара кхайкхамаш бора, совцаде Францин низамца ца догIу арахь ламазаш дар, бохуш.

"Чоьхьарчу гIуллакхийн министро сацон деза арахь ламазаш дар. Со сайн гIалин бахархошна маршо а, синтем а латтон дезаш ву", - аьлла дIахьедира цу дийнахь гIалин мэро Реми Мюзос. Ткъа шайн маршо хьоьшуш ю аьлла хетачу Клиши гIалара бусулбачарна ламаз дечу хенахь Францин гимн Марсельеза лийкхира демонстраци йинчара.

Нахана юккъехь Iоттабаккхам ца хилийта арабевлла бара полисхой а.

Бусулба неха цхьанакхетараллин куьйгалхочо Хьамида Казеда Франц-Пресс агенталлина еллачу интервьюхь дIахьедира хилларг провокаци ю, аьлла, гIалин мэре барте а кхойкхуш.

Цхьанна а дегIан чевнаш ца хуьлуш дIаелира Клиши гIалара демонстраци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG