ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швецерчу спортан турнирехь толам баьккхина нохчийн латархочо


Швецерчу Мьельндал олучу гIалахь шоьтадийнахь дIадаьхьира цу пачхьалкхехь желтой-римхойн латаршкахь тоьлла спортхой къастош йолу турнир. «Микаэл Люрнберсан къовсам» аьлла цIе йолчу цу турнирехь дакъалоцуш бара йоллучу пачхьалкхера къона латархой.

26 клуберчу 140 герга спортхоша дакъалоцучу къовсамехь дешин мидал яьккхина нохчийн кхиазхочо Бедигов Ислама – иза тоьлла 15 шарера 17 шаре кхаччалц хенаш йолчу къовсамхошна юккъехь.

Нохчийчохь тIом баьлча шен доьзалца Швеце дIа а вахана, цигарчу Танос олучу гIалахь вехаш ву Бедигов Ислам. Масех шо ду иза желтойн-римхойн латаршкахь кхиамаш бохуш схьавогIу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG