ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу рогIерчу президентан харжамашкахь дакъалоцур ду Путина


Путин Владимир.
Путин Владимир.

Путин Владимира сацам бина 2018-чу шарах хир болчу Оьрсийчуьрчу президентан харжамашкахь дакъалаца. Цунах лаьцна хаам бина РБК агенталло, "федералан Iедалхочунна" тIе а тевжаш.

Оьрсийчуьрчу низамашца а догIуш, президентан харажамийн кампани йолаяларх лаьцна ГIура-беттан 7-чу дийнахь дуьйна 17 -гIа де тIекхаччалц йолчу юкъана сацам бан безаш ю Оьрсийчоьнан Федералан Кхеташо.

Путин ша бинчу сацамах лаьцна дIакхайкхо мегаш ду цул хьалха.

Оьрсийчоьнан президентан харжамаш хир бу 2018-чу шеран Зазадоккху-баттахь. Цу харжамашкахь дакъалаца дагахь хиларх лаьцна хIинцале а дIакхайкхийна оппозицин векло Навальный Алексейс а, ЛДПР партин куьйгалхочо Жириновский Владимира а, "Яблоко" парти кхоьллинчу Явлинский Григорийс а, ткъа иштта тележурналисто Собчак Ксенияс а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG