ТIекхочийла долу линкаш

ТIаьхьарчу 24 сохьтехь цхьа некъахьовзам а, шозза цIе ялар а нисделла Нохчийчохь, хаам бо kavtoday.ru сайто.

КIирандийнахь некъахьовзам хилла Соьлж-ГIалахь. Старопромыслан кIоштахь ВАЗ-21140 машен газан биргIанах кхетта. И бахьана долуш лазийна цхьа стаг. Цо шена лоьрашкара гIо ца оьшу аьлла.

Кхин цхьа бохам хилла Хьалха-МартантIехь. Цигахь Кутузовн урамехь даьгна цIа. ЦIе яьллачехь багийна нах бу. Уьш дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу номер 4 йолчу дарбанан хIусаме.

Ткъа Соьлж-ГIалан Заводан кIоштахь яьгна "Мерседес" олу машен. Велла а, лазийна а стаг вац.

XS
SM
MD
LG