ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь шен агIончаш ца карийна Собчакана


Собчак Ксения.
Собчак Ксения.

Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь йолчу Собчак Ксениян тобано дитина шайн кандидатана гIортор ян Къилбаседа Кавказехь штабаш кхолла гIертар. Бахьана ду царна куьйгалла дан лууш болу нах ца карор, хаам бо «Взгляд» зорбанан гIирсо.

Цо яздарехь, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а цхьа а стаг ца карийна «Массерна а дуьхьал» кандидатан штабан коьрте хIотта кийча волу. Изза хьал ду Адыгейхь а, Кхарачой-Чергизойчохь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь а, яздо «Взглядо».

ХIоьттина хьал тидаме а эцна, Собчака сацам бина Къилбаседа Кавказехь шен агIончаш ца леха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG