ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь кхелхина Гранд Паркехь лазийна 4 шо долу кIант


Берашна лерина, церан самукъаненна йинчу Соьлж-ГIалин Гранд Паркехь, эскалатор йолччехула чу а воьжна, Лахьан-беттан 13-чу дийнахь лазийна кIант дIакхелхина дарбанан хIусамехь.

Болчу хаамца, хеназа кхелхина 4 шо долу кIант шен деций гIалгIайн махкара еанчу тобанца хилла. Ден бIаьрг тIера баьллачу юкъана нисбелла и бохам.

Йохкаэцаран а, самукъненан а центрехь къахьоьгуш болчеран ледарлонна нисьелла я ца нисьелла и сел бохаме меттиг хаа зераш ду дIахьуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG