ТIекхочийла долу линкаш

Доьзалш ларбархьама, боьхна-баьржина дIа ца бахийтархьама керла кепаш, некъаш юкъадаьхна Нохчийчоьнан муфтиято.

Эххар а, къобалйина тIеийци Нохчийчоьнан муфтиято керла доьзал кхуллучеран мах-там баран тоьшаллин керлачу кехатан кеп.

Цу тIехь билгалъяьхна доьзалан дукъ тIелоцучара хIусамехь лардан дезарг а, нагахь кхерч бухуш белахь, бехкечо муфтиято тIедожжийна гIуда такхадезарх а…

Дуьйцу иштта, шиъ-кхоъ зуда долахь йолчо лелоезачу нийсонах а.

Бутт хьалха дуьйна социалан машанашкахула дIасакхоьхьуьйтура шайна-шайна цунах хетарг тIе а тухуш, керла юкъадаьккхинчу там-мах баран тоьшаллех видео.

Маршо Радионо шен сайте а йиллийра и ролик.

Аьхка дуьйна, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца кхоьллинчу, боьхна доьзалш вовшахтухучу комиссино бинчу белхан жамIаш а далош, тIейогIучу хенахь а и болх кхи а жигара боккхуш, доьзалан институт чIагъен некъаш лоьхуш вовшахкхеттера оршот дийнахь Соьлж-ГIаларчу Лермонтовн цIарахчу театрехь.

Динан урхаллан лаамца хIоттийначу форумехь гулбеллера парламентан депутаташ а, мехкан куьйгалхочун администрацин векалш а, хIора кIоштара кадийш а, имамаш а, юкъараллан а, динан а организацеш а.

Доьзал вовшахтохаран комиссино бинчу балхах йист яъккхинчул тIаьхьа цхьабарт хилла тIеэцна гулбеллачара резолюци.

Цуьнца а догIуш, тIейогIучу хенахь керла доьзал кхуллучу шиннан дезар ду, там-мах баран кехат-тоьшаллин чулацам бевзинчул тIаьхьа, цунна куьйгаш яздан.

Шиннан а бакъонаш а, декхарш а ду цу тIехь билгалдаьхна.

Форумах дерг хаа а, Iедало керлачу кехатан кеп тIеэцча хIун нислур ду аьлла хета а хьожуш, зIе хилира тхан резолюци тIеэцначу Нохчийчуьрчу Динан урхаллан пресс-гIуллакххошца.

Зорбане яьккхинчу информацел совнах хеттаршна жоьпаш дала кийча ца карийра тхуна уьш.

Керла доьзал кхоллар ЗАГС-хула чекхдоккхуш, цигахь луш долу кехат-тоьшалла низамаша ма хьоьхху, Оьрсийчоьнан юридикан министралло мухIар таIийна, миччахь а лелаш, бух болуш официалан кехат ду.

Ткъа Нохчийчохь зорбатоьхна кехат мел ницкъ болуш ду-те, дуй-те цу тIехь дерг а хьесапе аьлла хаттар дира оха Москохарчу адвокаташка.

Шина декъе яьржира церан ойланаш.

Масала, Ибрагимов Анзорца хилла ду хIара къамел. Нагахь оцу адамна пайда хуьлуш хилахь юкъадаьккхинчу кехатах, Оьрсийчоьнан низамашца догIуш дацахь а, зуламе дац, элира цо.

"Соьга хаьттича, Нохчийчохь бен ницкъ хир бац оцу кехатан. Бусулба динехь и мегаш делахь, цхьадолчу Оьрсийчоьнан низамашна дуьхьал хилча а, хIуммаъ дац. Нахана цунах пайда а хир белахь. Муфтиятехь берш дан хIума доцуш Iаш ма баций, цхьа ойла а еш, са а гатдеш Iаш ма бу уьш оцу гIуллакхна.

Цундела, соьга хаьттича, цхьа пайден хIума хир ду и. Мел а проблеме хетар ду и Конституцино а, юридикан министралло къобалдина дацахь, делахь а, Оьрсийчохь шортта регионаш ю, низамаш ду, Конституцица ца догIуш", - аьлла, тIечIагIдира адвоката.

Ткъе иттех сов шарахь юридикан системехь болх бечу Хадисов Мусанна хетарехь, цкъа а нохчийн юкъараллехь хилла а я кхечу регионашкахь а лелош хIума дац и.

Оцу кехаташа адамна бан пайда бац элира цо.

"Цара лелош долу хIуманаш, суна схьахетарехь, эрна ду. Оьрсийчоьнан Федерацина юкъайогIуш Нохчийчоь елахь, низамаш лардан дезаш бу-кх уьш. Цхьа эрна хIумнаш ду-кх уьш. Кхи дан хIума доцуш бу-те уьш, хаац суна-м. Низамехь а дац и, хьалха заманахь лелла хIума а дац, я цхьанна а кхечу регионехь а дац.

Цхьаьллиг цхьа пайденна хIума дац-кх и. И совнах дерш а ца лелош, шаьш бан безаш болу болх бахьара цара, шайн муфтиятан декхарш. Ишта а вайн адам метта данза ма ду хIинца а, тIамо а хIаллакдинчуьра", - бохуш, дийцира Хадисов Мусас.

БIаьста Раша Тудей телевизионан журналитцца къамел дечу хенахь зударшна тIе шолгIа зударий кхийларх дуьйцучу хенахь, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзана ЗАГС-ехь кхоллабеллачу доьзало тоьшаллийн кехатна куьйгаш яздар совнах хIума хета шена элира.

"ЗАГС – цатешам бу аьлла хета суна. Кехат тIе куьг таIорца бохош бу доьзал. Иза цатешам бу хIусамдена а, хIусамнанна а юкъахь. Со дуьхьал ву цунна", - элира цо хIетахь.

Ткъа мел тешам а, дегайовхо а ло-те доьзал кхуллучарна динан дайша юкъадаьккхинчу оцу кехатан юьхьиго?

XS
SM
MD
LG