ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь йолаелла кардиологийн а, неврологийн а конференци


Нохчийчохь йолаеллачу кардиологийн а, неврологийн а конференцехь меттигерчу а, тIебаьхкинчу а лоьраша йийцаре еш ю дагца а, пхенашца а, цIийца а хуьлу цамгарш. Лоьрийн оцу гуламехь дакъалаца баьхкина Москохара а, Перм-гIалара а профессорш а, могIарера лоьраш а.

Болчу хаамца, конференцехь коьрта тидам тIебохуьйтур бу цIий дукъаделла цомгуш хиллачарна деш долчу дарбанан дикаллана.

Дерриге а дуьненахь дагах а, цIий лелачу пхенех а кхетачу цамгарх уггаре дукха адам леш ду. И цамгар хуьлучарах 75 процент адам экономикан хьал дика доцучу меттигашкара ду, боху Дуьненаюкъарчу могашалла ларъяран цхьаьнакхетаралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG