"Доза доцу кхолларалла" цIе а йолуш, когашца а, настаршца а лазарш долчу заьIап берашна гIоьнна ниIмате, къинхетаме акци ю Соьлж-ГIалин театар-концертан хIусамехь кху лахьанан бетта 15-чу дийнахь дIахьуш. Цуьнан декъашхой хир бу Оьрсийчуьра а, Къилбаседа Кавказера а бевзаш болу артисташ-иллиалархой.
Цигахь хьовсархой къоьлла ца хилийта, масех де хьалха дуьйна а эзар сом мах болу билеташ доьхкина хьехархошна а, лоьрашна а, социалан декъан белхошна а, Iедалхошна а юкъахь.