ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьашт йоцуш лору сайташ дIакъовларх лаьцна низам тIеэцна Оьрсийчохь


Кхело бина сацам а боцуш, Оьрсийчохь хьашт яц аьлла хетачу вовшахтохараллийн сайташ дIакъовла бакъо луш низам тIеэцна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо.

Цул сов, оццу кхеташонехь депутаташа тIеэцна кхечу пачхьалкхашкара зорбанан гIирсаш «кхечу пачхьалкхийн агенташ» лору низам а.

Суьдо бина сацам а боцуш, сайташ дIакъовла бакъо лучу низаман авторш бу «Цхьааллин Оьрсийчоь» а, КПРФ а, «Нийсонан Оьрсийчоь» а партийн векалш.

Карарчу хенахь, Оьрсийчохь хилар лууш доцуш ю 11 вовшахтохаралла. Царна юкъахь ю, масала, "Демократина гIортор яран къоман фонд» (Национальный фонд в поддержку демократии) а, "Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а экономика а, юстици а кхиоран фонд» (Американо-российский фонд по экономическому и правовому развитию) а юкъараллаш а, ткъа иштта Британехь туп тоьхна «Яьстина Оьрсийчоь» (Открытая Россия) олу болам а.

Цу вовшахтохараллашца юкъаметтигаш лелийнарг административан а, бехктакхаман жоьпаллехь ву Оьрсийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG