ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу «Вагнеран» тIеман компанин декъашхо вийна Шемахь


Оьрсийчоь -- куьйгалхочуьнан когаметта Трошев Андрей Кремлехь.
Оьрсийчоь -- куьйгалхочуьнан когаметта Трошев Андрей Кремлехь.

Шемахь вийна Оьрсийчуьрчу «Вагнеран» тIеман компанин декъашхо, хьалхо Украинерчу конфликтехь дакъалаьцна волу Мордовера вахархо Эбель Юрий. Цунах лаьцна хаам бина Саранскерчу Stolitsa-S зорбанан гIирсо, вийначуьнан гергарчарна тIе а тевжаш.

Цара дийцарехь, ГIадужу-беттан 20-чу дийнахь Эбель юкъахволчу 18 герзхочух лаьттачу тобанна тIелатар дина тIемалоша. Дийна цхьа а ца висина.

Эбелан иза 5-гIа командировка хилла Шема. Иза вийна хиларх лаьцна хаам бина цуьнан доьзале Лахьан-беттан 1-чу дийнахь. ТIаьхьо гергарчаьрга дIаделла цуьнан дакъа.

Интернетехь и хаам карийначу Conflict Intelligence Team цIе йолчу талламан тобано бинчу хаамца, Эбель гIуллакх деш хилла хьалха Оьрсийчоьнан Коьртачу Талламан Урхаллан (ГРУ) эскаран цхьана декъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG