ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венерчу кхелехь хенаш тоьхна шина нохчочунна


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчийн ши жима стаг кхеле озийнера Венерчу лаьттан кхело тайп-тайпана талорш лелорна. И шиъ бехке веш вара урамашкахь а, паркашкахь а нахера ахчанаш а, телефонаш а, дешо хIуманаш а схьаяхарна. Жима волуш шайн доьзалшца, Австре схьа а веана, хьалакхиина волу ши кIант вуьрхIиттий, берхIиттий шераш долуш ву.

Царах цхьаъ хIинцале а кхузза цхьацца кегийра талораш дар бахьана долуш лаьцна а хилла ву, ткъа шолгIаниг дуьххьара лаьцна ву.

Венерчу кхелан зорбанан сервисо Маршо Радиога бинчу хаамца, цу шиннах воккхахчунна 2 шой а 8 бутт хан тоьхна набахтехь яккха, иза масийттоза кхеле озийна хилар тидаме а эцна.

Ткъа жимахчунна 5 бутт хан тоьхна арахь яккха. И сацам хIинца а нуьцкъале бирзина бац, бехкебечара аппеляцин хьокъехь ойла ян хан ехарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG