ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

450 миллион долларх Да Винчин сурт доьхкина Оьрсийчуьрчу миллиардеро


Оьрсийчуьрчу миллиардеран Рыболовлев Дмитрийн долахь хилла "Дуьненан ГIарол" цIе йолу Да Винчи Леонардос диллина сурт доьхкина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь Christie's аукционехь 450 сов миллион долларх. Цунах лаьцна дуьйцуш ду цу аукционан сайта тIехь.

Iийса пайхамар тIехь волу сурт диллина 1500-чу шарахь. Дерриг а 20 сурт ду Да Винчи Леонардос диллина лоруш. "Дуьненан ГIарол" ша цхьаъ бен дацара нехан долахь дерг.

Иза дайна лоруш дара дуккха а шерашкахь. Бизнесхочо Рыболовлевс и сурт эцнера 2013-чу шарахь 127 миллионах.

Forbes журнало дийцарехь, уггаре хьал долчу нахана юкъахь 15-гIа меттиг дIалоцуш ву Рыболовлев. Цуьнан бахаман мах бу 7,3 миллиард гергга доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG