ТIекхочийла долу линкаш

Нухажиев: Ша шена тIе куьг даьхьна хила а мега тутмакхо Магомадовс


Нухажиев Нурди.

Красноярск кIоштарчу №31 колонехь ГIадужу-баттахь кхелхинчу тутмакхо Магомадов Ислама ша шена тIе куьг даьхьна хила а мега, боху Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис, яздо "Кавказ.Реалиино".

Цунна хетарехь, таллам бича бен хуур дац иза вийна я ца вийна бохург, амма ФСИН олучу федералан таIзарш кхочушдаран системехь доллург хууш хиларна, ша шена тIе куьг даьхьна хила а мега тутмакхо.

XS
SM
MD
LG