ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухIажир ваьгна Францерчу Тулузехь


ХIокху четара чохь вехаш хилла кхелхинарг.
ХIокху четара чохь вехаш хилла кхелхинарг.

Нохчийчуьра схьаваьллачу стеган дакъа карийна Францин къилбехь Iуьллучу Тулузехь, хаам бо La Depeche газето.

Цо яздарехь, даьгна дакъа карийна Ramier цIе йолчу гIаларчу гIайри тIехь. Социалан сервисан векалша дийцарехь, кхелхинарг четара чохь вехаш хилла, цунна кхачанца гIо деш хилла гIалан Iедалш.

Полицина хетарехь, стаг валаран бахьана ду четарах цIеялар. Цу чохь хилла стаг садукъаделла велла, цул тIаьхьа ваьгна, боху цара.

Тешо дицарехь, велларг хилла Нохчийчуьра схьаваьлла 40 шо долу стаг. Францехь бехачу вайнахана хууш ца хилла кхелхинарг четара чохь вехаш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG