Украинин маршонехьа къийсам латтош кхелхина Окуева Аминина дагалоцуш Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан Векалийн чоьнан декъашхошна хьалха леррина къамел дина Конгрессан декъашхочо Каптур Марсис, хаам бо Iамеркан Cable-Satellite Public Affairs Network телеканало.
Цуьнан сурт дIа а хIоттийна, 5 минотехь дийцира конгрессан декъашхочо Киевна гергахь, кIело а йина, зуламхоша йийначу жимачу зудчух лаьцна.
Окуева Амина йийнарш жоьпе озо беза аьлла, кхайкхам бира Каптурс.