ТIекхочийла долу линкаш

Италехь велла Сицилера "Коза Ностра" мафин хилла хьалханча


Палермо гIалара полицин хIусам.

Италехь велла 87 шо долу Сицилин мафин хилла «босс» Риина Салваторе. Италин юстицин министралло бинчу хааца, Риина кхелхина шен Iожаллица Парма гIаларчу набахтин дарбанан хIусамехь.

24 шо дара иза чувоьллина волу. Валлалц чуволла 26-зза хан кхайкхийнера цунна кхело, дуккха а адамаш дайарна бехке а вина.

Корлеоне эвлахь вина волчу Риинас дуьххьарлера стаг вийнера шен 18 шо долуш. Оццу хенахь «Коза ностра» цIе йолчу мафин тобан декъашхо хилира цуьнах.

ТIаьхьо цу тобан коьрте хIоьттира Риина, уггаре а де долуш иза йолчу хенахь. Шен конкуренташ боцург, цо омар а луш, байина мафица къийсам латтош хилла Iедалан белхахой – суьдхой, прокурораш, полисхой.

Ринна лецира Палермохь, лехаме кхайкхийна 20 шо даьллачул тIаьхьа. Дийцарехь, иза юкъахьакхавелла хилла 150 стаг верна.

XS
SM
MD
LG