ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох суьдехь шайн пхенаш хедийна 6 нохчочо


Харцахьа лелла аьлла лаьцначу 6 нохчочо шайн пхенаш хедийна Москох гIалин кхелехь. Цунах лаьцна хаам бина «Интерфаксо», церан адвокатана Яндарбиев Шамилна тIе а тевжаш.

Адвокато дийцарехь, суьдехь дийцаре деш дара 2015-чу шарахь дуьйна талламан изоляторехь латточу царах веанна набахтехь вита хан яхъярца доьзна хаттар.

Адвокатана хетарехь, нохчаша дина шаьш динарг кхин дан хIума а ца хилла. Лецначарна шайн пхенаш хедо урс мичара даьлла хууш вац ша, боху цо.

Шаьш шайн пхенаш хедийнарш дIакхачийна дарбанан хIусаме. Суьдан кхеташо тIаьхьатеттина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG