ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламаш дIахьош бу Росгвардин Нохчийчуьрчу дакъошкахь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Шелковскин кIоштахь Росгвардин тIеман декъехь ГIадужу-бутт 23-чу дийнахь Дагестанерчу вахархочо лейтенанто Гаджиев Марата шен 4 тIеман накъост вийначул тIаьхьа зераш ду дIахьош, хаам бо Маршо Радион корреспонденто.

Цо дийцарехь, карарчу хенахь Къилбаседа Кавказерчу къоман гвардин коьрта буьйранча инарла-полковник Зубарев Евгений коьртехь а волуш, говзанчийн тоба ю махкахь болх беш.

Нохчийчохь дIатардинчу Росгвардин дакъошкахь цхьамогIа хийцамаш бина. Иштта, эскарехь гIуллакх деш болчеран дийнан раж хийцина, салташна а, эпсаршна а дихкина белхан хенахь интернет лоцуш йолу телпо лелор (лело магийнарг ю зIе тоххал бен таро йоцу телпо).

И бехкамаш лар цабинарг балхара вохо тесна кхерам а бу, хаам бо Маршо Радион корреспонденто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG