ТIекхочийла долу линкаш

Хьалха-Мартанарчу Рошни-Чохь тIелатар динарш хIаллакбина аьлла хаамбина Кадыров Рамзана. Цуьнан дIахьедарца, террорхошна хьалха Iалашо хилла полисхой байина, цаьргара герз схьа а эцна, кхи дIа а шайн зуламаш дIадан.

"ТIелеттачех цхьаъ ГIалгIайчуьра Чахкиев Ахьмад ву, цуьнан декъахо Алтайхь веха Цуцаев Адам. Полисхой лаьттачу купна тIе граната а кхоьсина, герзаш детта буьйлабелла хилла уьш. Чоьхьарчу гIуллакхийн белхахойн каяьлла ший а бандит хIаллакван. Полисхошлахь вийна стаг а вац, цхьанна яйн чевнаш хилар доцург. Зуламхошца юкъарлонашкахь хилларш лоьхуш бу полицино", - аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

XS
SM
MD
LG