ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Федерацин Кхеташонехь юха луьстур ду "арахьарчу агентех" низам


Кхечу пачхьалкхийн хаамийн гIирсаш «арахьара агенташ» лоруш юкъаяьккхинчу низаман проектехь кхачамбацарш хааеллачу президентан адамийн бакъонаш ларъечу кхеташоно (СПЧ) чуделла арз луьстур ду Федерацин кхеташонехь. Оьрсийчоьнан парламентан конституцин низамашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Клишас Андрейс бина Новости агенталле и хаам.

Цо чIагIдарехь, СПЧ-н векалшкара кехаташ хIинца а кхаьчна дац Федерацин Кхеташоне. Нагахь санна шинарийдийнахь комитетан ладегIарш дуьйладалале кехаташ схьакхачахь, хаамийн гIирсашкарчу «арахьрачу агентех» низаман проект йийцаре еш, луьстур ду.

СПЧ-но тидам бина, экспертийн сацам тIехь «арахьара агент» лору, нагахь санна, махкал арахьара луш долчу ахчанах болх беш уьш белахь. Кхеташонан декъахоша билгалдаккхарехь, муьлхха а арахьарчу пачхьалкхийн зорбанашна ахча оцу мехкашкара кхачош ду.

Цул совнах, арахьарчу агентийн тептаршка даьхначу зорбанашна тIе дохкийла яц коммерцица йоьзна йоцчу организацешна дуьхьал даьккхинчу низаман декхарш, аьлла хета адамийн бакъонаш ларъечу Кхеташонна.

Кхечу пачхьалкхийн хаамийн гIирсаш «арахьарчу агентийн» статусе бахка магочу низаман проектехь хийцамаш бина Пачхьалкхан Думехь цхьа барт болуш кху беттан 15-чохь, .

Кремло ахчанца латто Iамеркара телеканал Раша Тудей «кхечу мехкан агент» лерина аьлла, Оьрсийчоьно дуьхьал делла жоп ду и бохуш, чIагIдо Москоха.

Оцу дийннахь Оьрсийчоьнан юридикан министралло Маршо Радиога а, оцу корпорацин кхечу проекташка а дIахаийтира церан белхашца цхьацца бехкамаш бан шаьш дагахь хиларх.

Маршо Радионо динчу дIахьедарехь билгалдоккху, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь оьрсийн журналисташа бечу белхан а, Iамеркан жураналисташа Оьрсийчохь бечу белхан а билламаш къаьсташ хиларх.

Медиакорпорацин журналисташ Оьрсийчохь сийсазбо, царна тIелатарш до. Ткъа Раша Тудей телеканало Iамеркехь шайн информаци маьршша яржош елахь, 2012-чу шарахь дуьйна Радио Маршонна Москоха дихкина ду эфираш дIаяхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG