ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман гIирс чохь латто къайле яьстина Итон-Кхелахь


Гуьржийн махкаца доза тоьхначу Нохчийчуьрчу Итон-Кхелахь карийна тIеман гIирс чохь латто къайле хIаллакйина ницкъаллийн струкурийн белхахоша. Дахначу кIиранах ФСБ-н дозанхошна карийна хьулйина и къайле аьлла, хаамбина «Кавказан узел» агенталле чоьхьарчу гIуллакхийн белхахочо.

"Минометан мина а, куьйга йина граната а, гранатометан патармаш а карийна лаьттах доьхкина. Доллу герз хIаллакдина оьккхуьйтург ор чу а йоьллина", аьлла, дийцина агенталле оцу хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG