ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь къаьркъа моьлу нах лоьцуш бу полицино


Полицино лаьцна латтош ву СемаIашкара вахархо аьлла, информаци елла «Кавказ.Реалии» портале кIенатн гергарчара. Дийцарехь, инцидент иккхина дахначу пIерскандийнахь Шарой кIоштарчу Химой эвлахь.

Полисхоша чIагIдо, шаьш лаьцна ТIахIир маларх кхетта вара бохуш, ткъа лаьцначун гергарчара бахарехь, ТIахIир къаьркъанца гергарло долуш ца хилла.

Химойрчу спортан чоьнехь латтош ву ТIахIир а, кхи а масех чохь валло жимстаг а.

Нохчийчохь алкоголца а, наркоманица Кадыровс йолийначу компаница а догIуш, хьасташа дийцарехь, меттигерчу телевизионан эфирехь лецнарш нахала а бохуш, цаьрга шайна гечдар а доьхуьйтуш, кхел ерзо дагахь бу Iедалхой.

«Кавказ.Реалиис» хьалхо яздира, наркотикех пайдаоьцу бохуш, кегийрхой бехке а беш, Нохчийчохь дIахьош, лецарш хиларх.

Царех цхьаболчарна тIехь ницкъ латтабо, шаьш наркотикаш лелош хилар тIеэцийтархьама бохуш, даредора махкарчу бахархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG