ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров: Ленин - лаьтте, Сталин - Гуьржийчу, Хрущевна - хIоллам


MOSCOW -- The head of Russia's Republic of Chechnya, Ramzan Kadyrov, during a meeting with the prime minister of Russia in the Gorki residence. MOSCOW REGION, RUSSIA - OCTOBER 13, 2017

Ленин Владимиран дакъа лаьтте кховдор, Сталин Иосифан чалх Гуьржийчоьне дIакховдор, федералан тIегIанехь Хрущев Никитин сийдар а хьехна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Ас масийттазза баьхна Ленин дIаволла везаш хиларх. Ма-дарра аьлча, суна биен-башха а дац иза Мавзолей чохь Iилларх. Соьга хоьтту хетачух, цундела жоп ло ас", - аьлла даладо «Интерфаксо» Кадыровн дешнаш.

Куьйгалхочо бахарехь, цхьанна а Iоттабаккхам беш бохуш дац цо и. Пачхьалкхан баьччех ду къамел, партин баьччех дац.

"Пачхьалкхан хилла куьйгалхо хиларе терра Ленин лаьтте кховдийна, цунна хIоллам хIотто беза. Гуьржашка дIаволлийта веза Сталин а", - аьлла хета Кадыровна. "Сталина урхалла динчу Советан пачхьалкхан дакъа дара Гуьржийчоь. Цундела нийса хир ду, Гуьржийчоьно шайн лаьтта тIехь иза дIаволлар, ткъа Оьрсийчоьнан миллионашкахь бахархоша доккха са доккхур ду, Сталинан са махкара арадаккхарна".

Хрущевх дерг хаьттича, Кадыровс жоп делла, цо дуккха а къахьегна нохчашна а, гIалгIашна а тIехь латтийна харцо эшорехь.

"Со тешна ву, Оьрсийчоьнна дагахь латта везаш ву Хрущев, федералан тIегIанехь хIоллам а бу цунна хIотто богIуш", - аьлла Кадыров Рамзана.

XS
SM
MD
LG