ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венерчу кхелехь дов хоттуш ду 16 шо долчу нохчийн йоIе


Кху шеран бIаьста Венерчу цхьана паркехь меттигерчу къоначу зудчунна урс деттарна кхеле озийна нохчийн кхиазхо. Венерчу прокуратурано чIагIдарехь, иза ен Iалашо йолуш хилла шен 4 шо кхаьчча дуьйна Австрехь ехаш йолу нохчо. Нохчийн йоIа чIагIдо, ша уллехула тIехйолучу хенахь шен коьртара хиджаб бахьана долуш ша аьшнаш еш, дешнаш элира шега австрихочо, цундела дитира ша цунна урс, бохуш.

Иза бехказа яла гIортар санна туьду прокуратурано, хIунда аьлча, Iедало бинчу талламо гойту, цу йоIа урс диттина австрихо университетехь доьшуш йолчу заманчохь хийрачаьрга а, бусалба дине а гамо хиларехь гучуяьлла яц, мелхо а, цо Iилман болх язбина а хилла миграцех а, мигранташ мукъа хан яккха таронаш кхолла езаш хиларх а лаьцна.

Цул совнаха, талламо гайтина, шена тIелатар дечу хенахь иза паркерчу гIента а хиина, цхьанца телефонехула къамел деш хилла хилар.

16 шо долу йоI адам ден гIортарна бехке еш ю, хIунда аьлча, цо цкъа тоьхна а ца Iаш, массийтаза урс диттина шена ца тайначу австрихочунна. Цуьнан бехк къасторан процессехь тидаме оьцур ду, и йоI психикаца проблемаш йолуш хилар, иза теллинчу синойн лоьро чIагIдарехь, шен дай-наний дIасакъастар хала лайна йолу иза цкъа деца Iаш, тIаккха ненаца Iаш хилла, вуно чIогIа бусалба динна чуйирзинчу нанас цунна шога тIеIаткъам беш а хилла.

Венерчу кхелехь Маршо Радион корреспонденте бинчу хаамца, иза эмоционале проблемаш йолуш елахь а, амма ша и талор дечу хенахь ша хIун лелдо дика кхеташ хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG