ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу кхелахочунна Мурдаловна дуьхьал бевлла юха а


Мурдалов ТIахIир, Лакхарчу кхелан куьйгалхочун гIовс
Мурдалов ТIахIир, Лакхарчу кхелан куьйгалхочун гIовс

Суьдхойн Лакхарчу квалификацин коллегин кхеташонехь кхелан куьйгалхочунна Гардалоев Iалавдина шен гIовсан даржехь виса луучу Мурдалов ТIахIиран балхаца зуламаш хааделла яздо «Право.ру» интернет гIирсо.

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан куьйгалхочун гIовса Давыдов Владимира Мурдалов оцу дарже магош яздинчу рекомендацин кехатна куьгъяздан дуьхьало йина Гардалоевс.

Цул совнах, коллегин кхеташоне чуделла Мурдаловс бинчу балхах финансийн талламаш бинчул тIаьхьа, цо низамаш ца лардина меттигаш билгалбаьхна ша аьлла кехаташ а.

Иштта материалаш чоьхьарчу гIуллакхинй министралле а кхачийна ша аьлла Гардалоевс, хIунда аьлча, Мурдаловс балхаца харцонаш лелийна хиларна. Коллегехь билгалдаккхарца, Мурдаловна хаийтина а дац, стенна тIехь бехкево иза. Мурдалов оцу даржехь кхи дIа а чIагIвар тIе ца тадина коллегин кхеташоно.

Стохка гурахь «Кавказ.Реалии» портало яздира, парламентан спикеро Даудов Мохьмада шен белхан кабинет чохь йиттина Мурдалов ТIахIирна аьлла. Иттех машенашкахь кхелан хIусамна герга а баьхкина, гIишло гоне а ерзийна, Мурдаловга дарж дуьтуш хьайн лаамехь кехат язде бохуш, летта хиллера Даудов.

Балхара дIаволуш кехатна куьгъяздан иза дуьхьал ваьлча, Мурдаловх летта хиллера парламентан спикер а, цуьнан хадархой а

ТIаьхьо меттигерчу «Грозный» телевизионехь Мурдаловн, Даудовн къамелехь шаьш хилла ду бохучу наха бакъ ца дира цу шинна юккъахь конфликт хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG