ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс шена провокацеш йо аьлла


Федералан лаккхарчу дарже ша дехьаволуш ву бохуш, яьржина информаци "хабар ду" аьлла Кадыров Рамзана. Шен цхьа а амбицеш яц, я интерес а яц Нохчийчохь бен болх бан аьлла цо «Интерфакс» агенталле.

Нохчийчоьнан урхалла дар шена я дарж а, я болх а ца хета, и сан дахар ду, махкахь къепе дIа а нисъеш, республика юхаденъеш шен гонаца ша хаьржина долу боху Кадыровс.

"Лакхарчу даржах кеп-кепарчу къамелашка ладийгIа суна кIордийна дукха хан ю. И хабарш стенна дуьйцу а хаьа суна, суна провокаци ярхьама даржош ду , - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Кху аьхка Кадыровс дIахьедира, Нохчийчоьнан урхалхочун декхарш охьадахка ша кийча хиларх. Шен лаамехь, дисинчу шен дахарехь Иерусалимера Ал-Акса маьждиг лардан ваха кийча ву ша аьллера цо.

Цул тIаьхьа Кремло дIахьедира, дарж дуьтуш Кадыровс яздина кехат шайга кхаьчна цахиларх а, цуьнан дешнаш болх хуьйцуш санна тида оьшуш цахиларх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG