ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тбилисехь ерзаза ю террорхой лоьцу лерина операци


Гуьржийчоьнан кхерамзаллан урхаллан пресс-центран куьйгалхочо Гиоргобиани Нинос журналисташка бинчу хаамца, Тбилисехь хиллачу террорхойн тобан декъашхо лаьцна, амма лерина йолийна операци ерзаза ю.

20 сахьтан чохь кхоалгIа тIелатар дина полисхоша тоба лечкъинчу гIишлонна. Куьга йинчу гранаташца а, герзашца а дуьхьало латтайо зуламхоша.

Маршо Радион хьостано хьалхо хаамбира Тбилиси-гIалахь кхаарийн Iуьйранна дуьйна дIахьош лерина ю, цхьана петар чохь къовлабеллачу террорхошна дуьхьал аьлла. Цо бахарехь, уьш муьлш бу цкъачунна билгал далаза дара.

Гиоргобианин дешнашца, герз охьа а диллий, чуьра арадовла шайга аьлча, куьга йина гранаташ полисхошна дуьхьал кхийса буьйлабелла уьш. Пачхьалкхан эскарш а полицина гIоьнна тIе а оьзна, къийсам дIахьош хилла Тбилисехь.

Кхааридийнахь цхьайттолгIачу сахьтехь гIалин цхьана гIишлочуьра кхоалгIачу гIат тIера петар а йохош, эккхийтар хиллера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG