Шарой-кIоштарчу Химойхь спортан гIишлочохь маларш мийларна, лецна латтош нах бу боху информаци бух болуш яц аьлла Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис.
"Сан аппаратан белхахоша оцу эвла а бахана теллина хьал, бахархошка хеттарш дина, амма тоьшаллаш ца карийна. Спортан хIусамехь кегийрхой хиллера буьрканех ловзуш", - аьлла Нухажиевс.
Иштта цо билгалдаьккхина, республикехь накротикашца а, корта бахочу маларшца а марзо йолчу нахана дуьхьал латтош къийсам хиларх.
Оцу белхан жамIаша гIеххьа лахдина некъашкахь хуьлу зуламаш а, боху омбудсмено. "Ца тов цхьаболчу нахана Нохчийчохь дикачу агIор хуьлу хийцамаш. И йоллу гIовгIа стенна йоккхуш ю, махкара хьал десторхьама", - аьлла Нохчийчоьнан коьртачу бакъонашларъярхочо.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!