Кху беттан 10-чу деношкахь Нохчийчуьрчу тIеман комиссариатан куьйгалхочунна, полковникна Джайрханов Ахьмадна йиттина. И хаам бина «Кавказ.Реалиига» оцу урхаллан белхахочо. Йиттинарш бу «кадыровцаш».
Порталан хьосташа чIагIдарца, ахчанна тIехула даьллачу девнехь куьгах тапча а тоьхна Джайрхановна. Билггал хууш дац, хIун ахча ду дуьйцург.
2014-чу шарахь дуьйна ву Джайрханов Ахьмад тIеман комиссаран даржехь. Цул а хьалха болх беш хилла Махматханов Казбек мукъаваьккхира Кадыров Рамзана ша цо декхарш кхочушдарна реза воцийла дIахаийтинчул тIаьхьа.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!