ТIекхочийла долу линкаш

Тбилисехь Чатаев Ахьмад вийна яздо зорбанашкахь


Georgia -- Special Operation For Terrorist Organization Members in Tbilisi. Tbilisi, 22Nov2017

Тбилисехь дIахьочу тIеман операцехь вийнарг Чатаев Ахьмад ву. Цхьа могIа агенталлаша, гуьржийн эскархочун Макишвили Давидан хаамашна тIе а тевжаш, яржийна и информаци.

"Соьгахь болчу хаамашца, дIаяьхьначу леринчу операцехь вийна Чатаев Ахьмад а, цуьнан хадархой а", - яздо Макишвилис.

Гуьржийчоьнан Iедалша кхааридийнахь хиллачу тIематасадаларшкахь 4 стаг вийна аьлла, дIакхайкхийнера.

Зорбанаша яздарехь, 2003-чу шарахь дуьйнна Чатаев Ахьмад Оьрсийчоьнан лехамашкахь хилла. 4 шо шо хьалха Гуьржийчуьрчу лаьмнашкахь гIаттамхойн тоба хIаллакъеш каравахара Чатаев гуьржийн эскаршна. Амма шо даьлча маьрша ваьккхира, Тбилисин кхело бехказаваьккхина.

ТIаьххьарчу шерашкахь зорбанехь хаам гучубелира Чатаев Ахьмад Туркойчохь хаавелла бохуш. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхийначу нехан тептар юкъа а ваьккхинера иза.

Туркойчоьнан «Ени Шафак» газетано бечу хаамашца, терактан вовшахтохархо санна Iедало лоьхуш вара Чатаев Ахьмад.

XS
SM
MD
LG