ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIуда Iаьрбийчоьнан футболан тобано Соьлж-ГIала къастийна


ТIедогIучу шарахь хинйолчу дуьненаюкъарчу футболан чемпионате еана СаIуда Iаьрбийчоьнан тоба Нохчийчохь куп тоха дагахь ю. Паччахьаллин футболан Федерацин оцу хьокъехь Iалашо кхааридийнахь йовзийтина REGNUM агенталлана Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-гIуллакхоша.

Паччахьаллин футболан федерацино массо а базанашкара хьелаш теллинчул тIаьхьа къастийна Соьлж-ГIала динца а, климатца шайна товш ю аьлла.

REGNUM агенталло хьалхо яздира, 2018-чу шарахь дIахьочу дуьненаюкъарчу футболан чемпионатан цхьа матч мукъна а Нохчийчохь хилийтахьара аьлла, Кадыровс дехар дарх. Шо хьалха ФИФА-н векалша а, оргкомитето а вовшахтоьхначу комиссино а теллира Соьлж-ГIаларчу «Ахмат-Арена» спортан комплексера хьал. Говзанчаша тIечIагIдинера хIетахь, чемпионатна кечам бан футболан тобанаш тIеэца хьелаш Нохчийчохь лаккхара хилар.

Кардадоккху, футболан дуьненаюкъара чемпионат дIахьур ю тIедогIучу шеран аьхка Мангал-беттан 14-чу дийнахь йолийна Товбеца-беттан 15-чу дийне кхаччалц Оьрсийчоьнан 11 гIалийн 12 стадионашкахь.

Москох, Петарбух, Казань, Лахара Новгород, Саранск, Сочи, Ростове, Волгоград, Калининград, Екатеринбург, Самар а ю оцу билгалъяьхначу гIаланашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG