ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харцонца Iедалера ахчанаш ийдарна кхел йина Австрехь нохчийн доьзална


Иттех шо хьалха шаьшшиъ цхьана дехаш дац аьлла, фиктиве дIасакъастар а дина, Iедалера совнаха ахчанаш ийдарна бехке дина Линчерчу кхело нохчийн зудий, майрий. 2009-чу шарахь дуьйна Iедална хьалха хIусамдай, хIусамнаний ца хилла и шиъ, цхьа-цхьацца бехачарна социалан гIо алсамох луш хиларна.

Амма и шиъ къаьстина ларалуш доллушехь, шаьшшиммо цхьаьна яьккхинчу хенахь динчу шина берана тIе а кхин а диъ бер дина зудчо. И бахьана долуш шеконаш кхоллаеллачу социалан хьукмато таллам бича гучу даьлла, церан дIасакъастар фиктиве бен доцийла а, цара цу кепара харцонца Iедалера 8300 евро совнах ахчанаш эцнийла а.

Кхело гIуданаш тоьхна низамца бозбуанчалла лелош гучудаьллачу майрчунний, цуьнан официалехь йитинчу зудчунний. Маршо Радион корреспонденте Лакхарчу Австрин кхелан векало бинчу хаамца, кхелан сацам хIинца ницкъе бирзина бац.

Жимма хьалха иштта цхьана нохчочо харцонца Iедалан социалан хьукматера 70 эзар евро эцна шерашкахь гучу а ца волуш аьлла IалагIож яьржира Австрехь.

Iедалан белхахой тIаьхьарчу хенахь шогох тергонаш ян буьйлабелла социалан гIо оьцучарна тIехь.

XS
SM
MD
LG