ТIекхочийла долу линкаш

Тбилисан Исанан кIоштахь лерина операци дIахьочу хенахь зен динчу 8 петарх кхоъ чохь Iойла доцуш, ерриг а хIаллакйина ю аьлла кIоштан администрацехь. Оцу юкъанна аьрзнаш до бахархоша полисхоша шайн цIа чу ца дуьту шаьш бохуш.

Маршо Радионо кхааридийнахь яздира, Тбилисан Исанан кIоштарчу Салос Габриэлан урамехь дIаяьхьначу леринчу тIеман операцех.

Оцу тасадаларшкахь цхьа спецназан гIуллакхдархо вийна, чевнаш йина веанна. Террорхой бу аьлла шеконашкахь волу 3 стаг а вийра аьлла бара пачхьалкхан кхерамзалан урхаллан информаци.

Иштта хаамбира меттигерчу Iедало 8 нах чохь бехаш хилла хIусамаш йохийна хиларх.

"Кхо хIусам ерриг бохург санна йохийна дIаяьккхина, пхеа петарчуьра хьал толлуш ду. Нагахь санна и хIусамаш хIуманна а гунахь яцахь, бахархошна цхьана ханна аьлла цIенош лохур ду", - аьлла гIалин администрацин векало. 20 сахьтехь тIемаш лаьттинчу цIа чохь бехаш хилла 72 доьзал.

Карарчу хенахь, операци дIаяьхьначу цIенна го лаьцначу полицино тIе мел гIоьртинчун паспорташ толлуш ду аьлла «Кавказан узел» агенталлан цигарчу корреспонденто а.

ЦIа чохь талламаш дIахьош бу эксперташ-криминалисташ. ЦIенна хьалха лаьтташ ю «Кобра» тайпа бронетраспортер. Циггахь ю спецназ а, орцан министраллера цIе йойу бригада а, яздо «Грузия Онлайно».

Лазийна спецназан веа эскархочух къоъ дарбан цIийнехь ву, цхьаъ могушаллана кхераме хIуммаъ дац аьлла, цIа вахийтина.

XS
SM
MD
LG