ТIекхочийла долу линкаш

"Кхелан пурстоьпашна дуьхьал яьлла уьрсаца нохчийн зуда" аьлла, видео яьржина социалан машанашкахь. Шен керта буьтур бац ша баьхкина пурстоьпаш бохуш, урс карахь, дуьхьал яьлла, мохь хьоькху оцу хьоле яьккхинчу зудчо видео тIехь..

Цо чIагIдарехь, 100 шаре яьлла цомгуш нана а, бер а ду цуьнан дан амал доцуш чохь. ТIеман шерашкахь велла боху цо шен цIийнда.

Бац видео тIехь совнах хаамаш, стенна тIехула дов иккхина а, Нохчийчуьрчу муьлхачу юьртахь ду и сурт а.

Цу тайпа видеош тIаьххьарчу хенахь дукха яьржина Нохчийчохь а, кхечу Къилбаседа Кавказан мехкашкахь а.

XS
SM
MD
LG