ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iедал хийцалур ду, бIаьвнаш юьсур ю..."


Цкъа 500 миллиард мах кхайкхийна, хIинца 1 миллиард долларе хьалабаьлла «Ахмат-Тауэр» бIов яран мах. Ткъа оьший-те иза бахархошна?

Говзанчаша дийцарехь, Соьлж-ГIалахь бух ботта болийна «Ахмат Тауэр» бIов локхаллица а, йоккхаллица а, цу чохь кхуллучу таро-хьелашца а шех терниг кхин йоцуш, Оьрсийчохь хьовх, ерриге Европехь а тоьллачех тоьлла.

435 метар лекха, куьце, хазна-гIишло, стигал Iаьрше хир ю. Цуьнца цхьана йозаелла хир ю боху «Грозный Молл» цIе йолу йохка-эцаран, самукъадаккхаран цIентар шена чохь 150 сов туька а, исс ресторан, кафеш, исс зал йолу кино гойту хIусамаш, берашний, баккхийчарний лерина самукъадоккху майданаш а ишта кх. дIа а.

ХIун аьлла хета бахархошна, Соьлжа гIалахь лаххаре а 1 миллиард доллар механ гIишло йогIа йолаярх? Мел цхьаьнадогIу я мел морзахъдуьйлу махкахошна цу декъехь хетарг а, моьттург а?

Цу хеттаршна жоьпаш лоьхуш гучудолу могIарера махкахой шайна хетачуьнца, моьттачуьнца кхаа тобане бекъалуш хилар: цхьаболчара, гIишлош гуттаренна махкахь юьсур ю, цундела дела дика еш лору, шолгIачара, ахча дахьа меттиг йоцу дела дозаллина еш лору, ткъа кхоалгIачарна, уьш йича а ца йича бен дIа а дац. Соьлжа гIалахь куьце гIишлош яр юьхькIаме хетачех ву Умаров Къурайш.

"Хьешашна гергахь а юьхькIаме хир ду"

"ГIалахь и бIов еш а, кхин гIишлош яр а сунна чIогIа товш ду,- элира Къурайша. - Цхьаммо а дIаса а йоккхур яц, халкъана юьсур ю. Баьхкинчу хьешашна хьалха а вуно дика юхькIаме ду-кх мохк а, гIала а цIиньялар, хаза хилар а. Нехан са а ца дууш уьш еш елахь, гуттар а башха хир ду".

Ахча дахьа меттиг йоцу дела еш ю сел инзаре яккхий, лекха стигал-бохь гIишлош. И тайпа хьажам бу таксахо болх бечу Асхабов Бисланан.

"Ахчано йойтуш ю. Спонсорш бу бохург ас шеконца тIеоьцу, - боху Асхабовс. - ТIетаьIIина доккхуш а, духкуш а маьхкадаьтта ду. Нах –м дIа Iийр бара".

"Шайн шортта ахча долу дела еш ю"

Шена вон ца хета оццул тоьлла бIов-гIишлош Нохчийчохь югIуш, боху шлахочо Исаев ХIарона. Цунна гергахь, лаьтта тIехь мел кхоьллина хIума, берриге бахам-гIишлош гуттар а деха долчу къомана юьсур ю.

"Шортта ахча долу дела йо. Массо хIума а, даима а деха долчу къомана юьсур ю, цундела суна дика хета сайн махкахь бIаьрла гIишлош еш. Iедал а хийцалур ду. Исторехь масалш дукха ду.

Шаьш доладаьхначу латтанаш-колонешкахь дукхе дукха гIишлош, шахьарш йоьгIа колонизаторша. Царех хIун хилла? Бухарчу халкъашна йисна-кх. Уьш цхьаммо дIахьур ма яц. Изза хир ду кхузахь а". И къамел динарг ву Шелан кIоштера Исаев ХIарон.

"Адам а, дуьне а цецдаккха гIерта"

Туьйранашкахь санна еш ю гIишлош, и туьйранаш чекхдевлча хIун хир ду-м хаац бохуш шеконехь ву Новр кIоштера воккха стаг Висар-Паша.

"Дозаллина лелош хIуманаш ду. Шаьш-шайна кхоьллинчу туьйранашкахь бехаш бу цхьаберш, - дуьйцура Новр гIаларчу воккхачу стага Висар-Пашас. - 400 метар сов лекха бохург забар яц. Адам, дуьне цецдаккха гIерта. ГIан-набарш дIа а евлла самабевлча хIун хир ду-м ца хаьа".

Нахана зен-зулам а доцуш, адам а ца хьийзош еш елахь, мел йича а новкъа дац муьлхха а гIишло аьлла ойланца чIагIвеллачех ву Новр гIалара вахархо Халилов Зураб а.

"Кхин бала а, гIайгIа а ма елира кху дуьненахь и цара йо гIишлош бен,-бохура Халиловс.- Мегаш ду-кх цара уьш нах а ца хьийзаш еш елахь".

Соьлжа гIалахь Оьрсийчохь а, Европехь а тоьллачех тоьлла «Ахмат Тауэр» бIов йогIаро юкъаралле цхьа бехке боцу бекъамаш беънехь а, бес-бесар тIедахкарш деш, декхарш хIиттош, шайна тIеIаткъам ца бичахьана мегаш ду стигал Iаьршашка хьалаоьхуьйтуш гIишлош йогIар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG