ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

McDonald's а, KFC а "арахьарчу агентийн" тептаре яха аьлла депутато


Оьрсийчоьнан депутата Чернышов Бориса «кхечу пачхьалкхан агентийн» статусе яха аьлла McDonald's а, KFC а, кхи а арахьара чуяьхкина фаствудаш еш, юхку ресторанаш, ткъа цара ен юург «агентийн даар» санна тIеэца аьлла.

Роспотребнадзоран куьйгалхочуьнга Попова Анне а, Роскомнадзоран хьаькаме Жаров Александре а оцу хьокъехь кехаташ дIакхачийна депутата.

Маршо Радионна телефонехула еллачу интервьюхь ша депутата а бакъйина яьржина и информаци.

Чернышовна хетарехь, фаствудан ресторанаша шайн агрессин рекламаца бахархойн меттигерчу дааршка болу безам, марзо лахйо, кхечу мехкийн мехаллаш хьалхатоьттуш. Даим а оцу ресторанашка оьхучу нахана цхьацца кийрахь лазарш гучудуьйлу, варста а во цара.

Нагахь санна депутатан дIахьедарна хьакъйолу хьукматаш тIетахь, федералан низамашкахь цхьацца хийцамаш бийр бу.

Фаствудна а, газ йолчу хишна а, цхьацца мерзачу дааршна а рекламаш яр лахдан деза аьлла могушаллан министралло а къадийра бIаьста.

Амма цунна тIе ца тайра цхьа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG