ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьоладайшна - бизнес, мискачунна - къоьлла


Мел яккхий проекташ, инвестицещ хилча а, кхуьуш яц Нохчийчохь экономика.

Шо шаре мел долу, телхаш схьайогIучу Оьрсийчоьнан экономико керла Iалашонаш хIиттайо регионашкара Iедалшна хьалхахь. ХIинцалц санна, мехкдаьттан тIехсов лекхачу мехаш тIера даккхий ахчанаш хир долчух тера дац.

Нахера ял яккхар а, хьлаха санна лекха хир дац. Дуккха а бу шай бизнесаш дIакъовлуш, цу тIера са ца хуьлу дела.

Нохчийчоьнан экономика кхиоран министраллана хьалхахь а ю и Iалашо. Цундела цхьаъ дIаяьлча, важа а йолош цхьанакхетарш дIахьош ду, республикан экономика муха лакхайоккхур ю бохуш. Дийцарехь, цхьацца некъаш а билгал догIуш ду.

Совдегаршна цхьацца аьттонаш бан беза бохуш, дIакхайкхош долу дикка хан ю, амма дан деза бохучул а, кхин гена долуш дац и гIуллакх.

Экономикех Маршо Радиога дийцира кIезгачу бизнесийн ассоциацин президента Бугаев Максима. ТIаьхьа-м ца дисна те вай, экономика айъярехь. ТIом дIабаьлла а, машар дIахIоьттина дикка хан ма ю махкахь аьлла, шега деллачу хеттаршна, иштта жоьпаш делира цо.

"ТIехь ца дисина. Вай а, вайн куьйгалла а, къам а хьуьнар долуш ду. . Вай сих ца делчахьана, ша дерриг нислур ду. Амма тIаккха а вай ГIезлойчоь, я Юккъера Оьрсийчоь схьаоьцур вай, я Европера пачхьалкхаш схьалоцур, цаьргара стратеги а эцна кхио еза экономика. ТIаккха вай, лидершна юкъахь ца хилахь а, тIаьхьахIоьттина доьлхуш хир ду".

Нохчийчохь тахана дукха шуьйра бизнесаш яц яьржина. Еш, арахоьцуш индустри яц, йохкар-эцар, такси - машен хахкар бен. Боккха аьтто лору, хьан мехах нах чубита петар, я деса цIа делахь. Массаьргара ял а йоккху тIахьара йоккхуш санна. Совдегархочо Мусаев Руслана шена зеделлачунна тIе а тевжина, элира, экономика муха кхиалур ю.

"Тахана Нохчийчохь дIахьаьжча, уггаре а тоьлла машен а, хIусам а даржхошкахь ю. Хьоьгара цхьа хIума даьлча, ял яккха а кхиверг вогIу. ХIинца-м севцина уьш. Iедалхошна гIуллакх хуьлу, амма халкъан ца хуьлу. Соьга хаьттича Iедало оцу нахана болх бан аьтто хуьлуьйтий, тIаккха хир бу аьтто".

Федералан ахчанех уггаре а йоьзна йолчу регионашкахь хIинца кхетачух тера ду, шаьш шайн экономика ай ца яхь, кхана-лама иза дан цхьа а вогIур воцийла. Царна юккъахь Нохчийчоь а ю.

Кху шерашкахь йийр ю аьлла, дIакхайкхина дуккха проекташ кхочуш ца еш йисина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG