ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь антитерроран операци ю дIахьош


ПIераскан сарахь Синайн ахгIайритIерчу маьждигна дина тIелатар бахьанехь антитерроран операци йолийна Мисаран эскаро.

Эр-Рисан эвлахь хIаллаквина 30 тIемало. Sky News Arabia агенталло бо и хаам, тIеман буьйранчан информацица.

Мел лаххара а 235 стаг вийна, 100 чевнаш йина пIераскан суьйранна суфийн маьждигна динчу тIелатарехь.

Беллачарех дукхахберш маьрша бахархой а, Мисаран эскархой а бу.

Цхьана а радикалан тобано шена тIе лаьцна дац дина зулам.

Метигерчу бахархойн тоьшаллашца, тIелеттачара герзаш деттара маьждиг чуьра арауьдучарна а, дарбан хIусамийн машенашна а, цул тIаьхьа къайлабевлла автомобилашца.

Кхаа денна тезет кхайкхийна Мисарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG