ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"БIешеран хилам - Пушкинан "Евгений Онегин" нохчийн матте гочъяр"


Байтанча, гочдархо Хатаев Хьусайн бахьанехь нохчийн маттахь ека йолаелла Пушкин Александаран "Евгений Онегин" роман.

Кхечу маттахь кхин дика, кхин а говза, сел исбаьхьа ала а лур дуй те аьлла, лехаме баьллачу кхетамехь, хийла аьрха, гомха йоцу ойланаш а гIиттош, ма хьакъ бара хьо ненан мотт стигал Iаьршашка кхаччалц айа а, сийдан а аьлла, орцане мохь тоххал карзах а воккхуш, зевне дека Хатаев Хьусайна гочйинчу "Евгений Онегин" романан дуккха а дакъош.

Цундела кхето хала дац, махкахь дика вевзаш волчу яздархочо Ахмадов Мусас аьлла хIара дешнаш: "БIешеран хилам лара богIу Пушкинан байташкахь роман "Евгений Онегин" нохчийн матте яккхар".

Меттан кIоргене кхача лууш болчарна кхаъ бу аьлла хета суна"

Цу тIера доладелира Хатаев Хьусайнаца нисделла тхан къамел а.

Ахмадов Мусас дукха дестийна аьлла-м ца хета хьуна и дешнаш?

- Цуьрриг а ца хета. И роман нуьцкъала, дика язйина ирта ю. Ас цуьнан сюжетан сиз а ца буьйцу я чулацам а ца буьйцу. Еш йолу ойла юй, дуьненах а, дахарх а, шен турпалхочу лехамах а. И тайпа ойланаш вуно мехала а, маьIне ю цуьнан.

Нохчийн маттахь ишта чулацаме, исбаьхьаллах юьзна говзар кхоьллина а яц. И кхоьллина цахиларо ненан мотт вуно чIогIа меттахбоккху, ур-аттала, долуш долу дешнаш доцуш, керла дешнаш кхолла дезаш а уьш дацо дезаш а нисло. Оха ца еш йолу, тхан гомха йолу ойла оцу гочдаро кIаргьяр бахьнехь и роман нохчийн матте яккхар къоман меттан кIоргене кхача лууш болчарна кхаъ бу аьлла хета суна.

Цу заманан хьу-битамаш, хьайга гайтабелла аьлла хетий хьуна?

- Хета. Дерриге цу Пушкина далхош мел дерг нохчашца а ма ду. Вуьшта тхоьца дерг мелла а дижина, хьулдина ду. Тхан чуьра, чоьхьара хьал тахана кхечу кепара нисделла цкъачунна. Тхо маьрша а хила дезара, деладелла, декхаделла а, вовшашна тIекхиа гIерташ а.

"Сайн цу тIехь аьтто хилла аьлла хета суна"

Кхин цхьа хIума а ду. Масала, Дела агIор болу лехам. И лехам хьалха а баьккхина, оха кхидерг дерриге а, хила тарлуш болу кхиамаш Iилманца а, юкъарчу дахарца а массо хIума а дицдина оха. Ма-дарра аьлча хьалхаевлларш-м кепаш ю. И бахьнехь кхин кхуьуш хIумма а дац.

"Евгений Онегин" роман дерриг дуьнено тIеэцна, къобалйина исбаьхьаллин ирта ю. ТIеэцна, стенна аьлча, Пушкинан аьтто хилла шен хIора турпалхойн "кийра вола", церан дог-ойла йовза а. Хьан хиллий те ишта аьтто?

- Сайн цу тIехь аьтто хилла аьлла хета суна. И гочдарш бахьанехь суна гучудаьлларг а, азеделларг а хIун ду? И хIун ду со дуьхе кхиънарг? И дера ду, нохчийн меттан таронаш доза а доцуш дукха ю аьлла, сан ойла чIагIьялар. Ишта со кхеттарг кхин хIун ду? Керла кхетамаш а, дешнаш а юкъадаха деза. Цхьаболу кхетамаш тхан бан а бац. Масала "свет". Ас цунах го а бехи, курго а бехи. ТIаккха кхин меттиг ю "двор" бохучу маьIнехь. УьйтIе бохург а ма даций иза… Иштачу меттехь а "корта кегбар" а алсамдолу.

Уггар халчех хаттар ло ас. Хьуна а там хуьлуш, гора нохчийн мотт яI, ма дош ду хьо аьлла, ойла кхуллуш муьлха меттиг ялор ярий ахь?

- Дукха ялор яра. Масала, хIара могIанаш: "Берийн арданга ю девне, конкешца ша хедош зевне…". Я хIорш: "Ловзу, хьийзаш лайн чимаш, седарчашна еш хичаш".

"Цхьадолу дакъош вуно хала дахаделла нохчийн матте"

Ахь уггар хала къарйина меттигаш, уггар чIогIа "дуьхьалдевлла" могIанаш?

- Тамашениг хIун ду хаьий хьуна, суна товш йолу меттигаш, бакълена а Пушкинан кхиам бу ала тарлуш йолу меттигаш соьга атта яхаелла нохчийн матте. Ткъа цхьа кIорге йолуш а, я мехала а ца хетало меттигаш соьга, цкъацкъа вуно хала яхаелла нохчийн матте.

Соьца исбаьхьаллин литературах а, ша нохчийн матте яьккхинчу "Евгений Онегин" романах а, Iар-дахарх а къамел динарг вара байтанча, кIорге йолу гочдархо Хатаев Хьусайн.

Теша лаьа, дешархоша, ненан матте шовкъ -марзо йолчу бахархоша, бераллехь туьйранах санна Iеха а луш, нохчийн меттан таронех там, хьаам а хуьлуш, Хьусайна гочйина Пушкин Александран "Евгений Онегин" роман йоьшур ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG