ТIекхочийла долу линкаш

Дагестагнерчу а, Нохчийчуьрчу а бахархошна Гуьржийчу боьду некъ бихкина аьлла, хаам баржийна «Кавказан узел» агенталло, социалан машанашкахь бахархоша даржорийг бухе а диллина. Тбилисехь тIеман операци ерзийначул дIакъевлина некъаш бохуш, яздо цара.

Маршо Радионо хаамбира, Гуьржийчохь кху беттан 21-22 -чу а деношкахь хиллачу терактех. ТIелатар динчарех кхоъ вийра, цхьаъ каравахна. Гуьржийн спецназан эскархочунна чевнаш йинера.

Фейсбукан агIон тIехь ХIинжа-ГIаларчу Курбанов Марата яздина "Дуккха а нохчий а, суьлий а юхаберзийна оьрсийн-гуьржийн дозанера", - аьлла.

Гуьржийчоьнан чохьарчу а, арахьарчу а министраллийн сайташ тIехь оцу хьокъехь цхьана а кепара хаамаш бац.

XS
SM
MD
LG