ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кху шарахь Нохчийчохь хиллачу зуламийн терахьаш Iорадаьхна


Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министараллан хьостано дагардечу терахьашца, некъахьовзамашкахь а, тайп-тайпана цамгарш бахьанехь а нисделла баларш доцуш, хIара довш долу 2017-гIа шо доладелчахьана цхьацца Iоттабаккхамечу хиламашкахь 44 стаг вийна махкахь, 54 вахархо вуно чIогIа лазийна.

Стохка дийнна шарахь и терахьаш ца хилла кхоъий, иссий бен. Цу кеппара дахначу шарца дустар далийча 9-10-зза совдаьлла кхушара къоланаш дар а, хьарамлонца, кийтарлонца, харцонца пайдабан гIортар а.

Цу зуламийн терахьаш эзарнал а тIехдаьлла: 1239-зза къола дина, 2222-зза харцонан бух тIехь хьарамлонаш лелийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG