ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров мехкан куьйгалхочун дарж дита лууш ву


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж дита кийча ву ша, хIунда аьлча, шен хан кхаьчна аьлла хета шена аьлла Кадыров Рамзана. 2007- шарахь дуьйнна мехкан урхалла дечу цуьнга хаьттина хилла «Россия 1» телеканалан эфирехь, кийча вуй иза дарж дита аьлла. «Сан лаам бу и ала мегар ду. Регионан куьйгалхо а хилла, къомах а, махках а жоп дала Iаламат хала ду Далла хьалха а, пачхьалкхан президентна гергахь а, халкьана хьалха а»,- аьлла жоп делла Кадыровс. ХIорa даьллачу гIалатах жоп дала дезар ду кху дахарехь а, бакъ дуьненахь а аьлла мехкан куьйгалхочо. «Со гIелвелла аьлча а, декхарш кхочушдан ца лаьа суна. Сайн хан кхаьчна аьлла хета суна. Цхьана заманчохь оьшура со саннарш, махкахь къепе хIото, тIом бан. Тахана маршо ю, ларам бу, юкъараллехь а, Оьрсийчохь а. Уггар коьртаниг, Оьрсийчоьнан бахархой санна тIеэцна тхо. Нохчийчохь хийцамаш бан хан кхаьчна аьлла хета суна»,- аьлла шен интервьюхь Кадыровс. Хьан меттиг дIалаца хьакъ мила ву хаьттича, цуьнан гIайгIа бар пачхьалкхан президентна тIехь ду, халкьан лаам а бу аьлла, билгалдаьккхина мехкан урхалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG