ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн доьзалера даьгна ши адам карийна Мазлакехь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

ХIирийн мехкан Мазалк-гIалахь Лахьана беттан 26-чу дийнан буьйсанна, цIе а яьлла, ши стаг велла нохчочун хIусамехь. И бохам нисбелла Калининан урамехь, цIера Теркйист кIоштан Ломаз-юьртара Хашханов Хаваж вехачу хIусамехь.

Цу чохь, кIожам а хилла яьгна, карийна шина адаман дегIан чархаш. Билггал хууш дац ваьгначу шиннах муьлха мила ву. Иза къастош а, цIийнах цIеяларан бахьана толлуш а зераш дIахьош бу низамхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG