ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан ойла цхьаьнайогIучу юххерчу нахах стаг ву Кадыров, боху Песковс


Песков Дмитрий.
Песков Дмитрий.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Оьрсийчоьнан президентан ойла цхьаьнайогIучу цуьнан юххерчу нахах стаг ву, ткъа цо масийттоза аьлла Путин Владимира боххучехь ша болх бан кийча хиларх лаьцна, дагадаийтина Кремлехь.

«Кадыров Рамзана масийттоза дIахьедар дина, ша юхавер воцу а, аьлларг дан кийча волу а президентан ойла цхьаьнайогIучу нахах хиларх лаьцна. ХIинца а ву иза мехкан президенто шега аьллачeхь болх бан кийча», - аьлла журналисташка Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс, Кадыров кхин дIа а вуьсуш ву республикан куьйгалхо аьлла тIе а тухуш.

Хьалхо, "Россия 1" телеканалана интервью луш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж дита кийча ву ша, хIунда аьлча, шен хан чекхяьлла аьлла хета шена, дIахьедар динера Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG