ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь вайзаманан исбаьхьаллин музей кхуллур ю Джабраилов Iумара


Джабраилов Iумар. 22.Лахь. 2017.

Нохчийчуоьнан цIарах Оьрсийчоьнан а Федерацин Кхеташонан декъашхо хилла совдегар Джабраилов Iумар дагахь ву Соьлж-ГIалахь вайзаманан исбаьхьаллин музей кхолла, хаам бо РБК-но. Нохчийчуьрчу куьйгалло и проект кхочуш ян шена латта лур ду аьлла хета цунна.

Музей йиллар санна йолу проекташ кхочуш ян лууш ву ша боху экс-сенаторо «патриот» ша хиларна. Музей йина яьлча цигахь цхьацца аукционаш а, базарш а дIаяхьа дагахь ву Джабраилов.

Шен фондехь хир бу кху дерриг а дуьнентIерчу сурташдахкархойн белхаш, боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG