ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газ иккхина Нохчийчуьра стаг кхелхина Дагестанехь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Iожалло ваьхьнарг ву Соьлжан кIоштан Чечанара 22 шо долу жима стаг. И бохам нисбелла цо болх бечу, вулканизаци олучу машенийн чкъургаш тоечу меттехь Дагестанерчу Хасу-юьртахь.

Гергарчара дийцарехь, Лахьан-беттан 27-чу дийнахь балхахь жимачу стага, гуттар санна, неI схьа а йиллина, чиркх латийна. И маьIаргонна иккхина цу чохь гулйелла хилла газ. Цул тIаьхьа цIе ялар бахьана долуш садукъаделла велла иза.

Хьенан ледарлонна нисделла рогIера зулам къастош бу талламхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG